ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера нохчий арабахар: мобилизацин кхерам йа дуьненайукъара бакъо йохор


Австрин полисхой. Архивера сурт
Австрин полисхой. Архивера сурт

ТIаьхьо экстремистийн тобанах дIакхетта, цхьана хенахь шена вевзаш хиллачу накъостаца даьккхина сурт бахьана долуш депортацин кхерам латтар, кхелехь тоьшаллаш дан дезар, мобилизацих кIелхьаравала аьтто бацар, кест-кеста бен талламаш – Европера нохчийн мухIажарех Iитталуш йолчу проблемийе цхьа дакъа ду и. И тайпа хIуманаш кеп-кепарчу пачъьалкхашкахь йуха-йуха а стенна нисло-те, цунах лаьцна дийцаредира тхан сайто бакъонашлрайархошца.

Францехь хила тарлучу массо а апелляцин инстанцешкара хӀинца хIара пхоьалгӀа дуьхьало йу 47 шо долчу Асланбекана йинарг. Пачхьалкхера дIагIо аьлла, караделла кехат а ду цуьнан. Иза тешна ву, Европерчу бакъонашларъярхоша а, политикан тховкӀело йеха дехарш луьстучу Ӏедалша а буьйцург "тайп-тайпана мотт болуш санна ду" аьлла.

Хала ду кхето, цунна кхерам хиларх тIечIагIдеш, ур-атталла Нобелан машаран премийн лауреаташа тIечIагIдеш а кехаташ доллушехь, и материалаш тергамза йуьту могIарерчу миграцин хьаькамийн тIегIанехь, дийцира цо тхан редакцин корреспонденте.

Пачхьалкхера дIагIо аьлла, шена тIедожийна доллушехь, Асланбек Францехь вуьсу, йукъаралло жигара йечу гӀорторна тӀе а тийжаш. Францхойн мотт бен хууш боцчу, цуьнан кхаа беро доьшучу школашкахь церан агIо лоцуш, йукъараллин комитет кхоьллина. Цо бахарехь, къовсам латторехь цунах гIо хуьлу. Оцу йукъанна лазаме ду, Украинана дуьхьал тӀом боьдучу деа шарахь Оьрсийчоьно кхидӀа а кхиамца Интерпол санна йолчу дуьненаюкъарчу механизмех пайда а оьцуш, политикан оппоненташна тӀехь къизаллаш латтош хиларх кхетар, билгалдоккху къамелхочо.

Нохчийн бакъоларйаран «Вайфонд» ассоциацино билгалдаьккхира, 2025-чу шарахь Интерполон комиссино жигара тIеоьцуш хилар Оьрсйичоьнера дехарш. Цул совнах, мукIарлонаш бертаза, тIехь ницкъ а беш, даьхна доллушехь, дукха хьолахь уьш тешаш хуьлу тешийн дарех.

"Мобилизацих кIелхьарабовла йиш йара – Москвахь"

Нохчий махкахбахарх масалш дуккха а нисло. Уггаре а тӀаьхьарчу гӀуллакхех цхьаъ нисделира Австрихь, цигахь стигалкъекъа-бутт чекхболуш ши нохчо араваьккхира – уьш Гуьржийчухула Оьрсийчу дIахьажийра. Уьш эскаре кхойкхур бара аьлла цхьа а "бакъболу кхерам" ца карийра кхелана. Цу сацамехь билгалдаьккхинера, церан аьтто бу "мобилизацих ларбала" нагахь санна "Москвахь дIатарлахь".

"Мемориалан" аьтто белира пачхьалкхера араваьккхинчех цхьаьнца уьйр таса. Цо дийцинера, ша оцу пачхьалкхехь вехачу шерашкахь йа лулахоша шена арз дина, йа цхьа гIуда тоьхна, йа неIаре полици йеана йац шена бохуш. Миграцин набахтехь ларамза бIаьрг кхеттера цуьнан шен камери тIехь йаздинчу "террорхо" дашах.

Терроризмна бехкебеш хилар аргумент йу кхелана а, полицина а цхьаъ махкара аравоккхучу заманчохь, аьлла билгалдаьккхира бакъонашларъярхочо, Нохчийчоьнан дозанал арахьарчу адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаро Дунаева Розас редакцица хиллачу къамелехь.

"Мосвахь баха ховжахь Нохчийчоьнан бахархой мобилизацех бевр бу боху формулировкех дерг аьлча, кхузахь гуш ду Оьрсийчоьнан федеративан бух муха бу Австрин юристашна хууш цахилар", - дIахьедира цо.

Австрин Ӏедалша махкахбаьхначу нехан терахьаш зорбане ца доху, делахь а, оцу пачхьалкхо иттаннашкахь нохчий махкара арабохуш бу. Украинехь тӀом хилар бахьана долуш Евробертана а, Оьрсийчоьнна а йукъахь дуьххьалдIа кеманаш лелар йукъахдаьккхина ду, цундела депортацеш кеманашца дӀахьо Сербехула а, Азербайджанехула а, Гуьржийчоьнахула а.

Гуьржийчухула дIахьажийра Венера цхьа нохчо дечкен-баттахь. Официалехь йовзийтира цуьнан цIе инициалашца – Н.А аьлла. Дунаевас бахарехь, иза дIавала бахьана дара, Шемарчу тIемашкахь дакъалаьцначу стагаца цуьнан цхьана хенахь даьккхина хилла сурт.

Марсхьокху-бутт болалуш гӀараделира кхин а цхьанна Австрера депортаци йан гӀортарх лаьцна. Кеманца Тбилиси хьажийра Ӏедалша 30 шо долу нохчо, цигара Оьрсийчу дӀавахийта дагахь. Цуьнан рейс хила йезаш йара кӀирандийнахь. Бакъонашларъярхой шен хеннахь йукъагӀоьртинехь цуьнан депортаци йукъахйаккха тарлора. Мукъаденошкахь низамашца ларвала аьттонаш кӀезиг хуьлу. ХӀинца цуьнан гӀуллакх шена тӀелаьцна керлачу адвокато, документашца и хаттар керлачу кепара къастор ду цо аьлла, дийцира Дунаевас.

БIегIийла бехкбиллар ду?

Австри Европехь Оьрсийчоьнна уггаре а гергарчу пачхьалкхех цхьаъ хила тарло – массо а бохург санна декъехь гергара уьйраш йу церан, цундела цецвала хӀума дац, махкахь муьлххачу а Ӏедална нохчий махкахбахарца доьзна Москваца йукъара мотт карор, бохуш дуьйцу "Цхьааллин ницкъ" олучу боламан информацин декъан куьйгалхочо Музаев Сайхана.

"Нохчий мел а эгIаза халкъ ду. Австрин а, Европан кхечу пачхьалкхийн а къайлаха сервисаша кест-кеста шайн Iалашонашкахь пайдаоьцу царах, шайн политикан а, финансийн а ламмаш кхочушбеш", - аьлла хета цунна.

Полша, Хорвати, Румыни – хIара пачхьалкхаш а йу Къилбаседа Кавказера мухIажаршна депортаци йинчех, йа мухIажарш махках баха гIиртинчех. "Европера нохчийн Ассоциацино" даим а тIехь терго латтайо оцу пачхьалкхехь нохчашца долчу хьолана: цигахь Iедалхоша чIогIа Iаткъам беш хилар, цара шайн мехкашкара арадовла, ца хуьлчу далахь шаьш Оьрсийчоьне шу дIадур ду бохуш кхерамаш а туьйсуш. Хорватера нохчийн мухIажаршкахьа митингаш хIиттайо кеп-кепарчу Европерчу пачхьалкхаша.

Официалехь мухIажиран статус йоллушехь, мел дукха хан йу блогерна Абдурахманов Мухьаммадна кехаташ ца лун.

Бахьана ду - Конституци ларъяран федералан урхалло йуьхьарлаьцна чаккхе йоцу "кхерамазаллин талламаш". Депортаци йан мега аьлла, кхерам ца лаьтта цунна, амма хIетте а хеттаршка вуьйлу блогер: Ӏедалан шовкъ алсамъйалар доьзна дуй- те статус йоьхург мича къомах ву бохучуьнца, бохуш.

Белгерчу Ӏедалан дехарца лаьцна ву 41 шо долу Къилбаседа ХӀирийчуьра схьаваьлла Мейриев Руслан, Оьрсийчоьно бехкаш дахкар бахьана долуш, терроризмехь дакъалаьцна хиларна шеконашца тахана а Мехелен гӀаларчу набахтехь латтош ву иза. Масех бутт а бу иза махкара араваккха сацам йухабаккхархьама жигархоша къийсам латтон.

"Суна хетарехь, зуламаш ду лелош дерш. Интерполехула шайн дехаршкахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахьедо, тхан бахархой динан экстремисташ а, Гергарчу Малхбалера схьа дуьйна хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна а бу, цундела Оьрсийчу дIахьийсон безаш бу и нах бохуш. Тахана а и процедура кест-кеста кхочушйо мел а йоццачу хеначохь. Кхана-лама Оьрсийчоьнна а, европахойн пачхьалкхашна а йукъара дозанаш схьаделлахь, барам боцуш хир бу нохчашна бен тIеIаткъам", - дерзийра Музаевс.

  • 2025-чу шеран дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла. Шайн даймахкахь царна тIехь Iазапаш хьоьгур ду, сийсазбийр бу, йа Украинана дуьхьал тӀаме хьийсор бу, дIахьедира бакъонашларъярхоша.
  • Оьрсийчуьра а, Украинера а, Европан пачхьалкхашкара а бакъонашларйархойн тобано Интерполе кхайкхам бинера, Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а политикан бахьанашца лецарна кхоьруш цIера бевлла бахархой дIа ма ло бохуш. Буьйцурш бара Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон системехула лехамашка луш болу нах. Бинчу кхайкхамна куьйгашйаздира бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацин цIарах Мадаев Юнуса а, "Гражданское содействие" комитетан кутйгалхочо Ганнушкина Светланас а, "Общественный вердикт" Фондан цIарах Таубина Натальяс а, Украинера экспертийн "Сова" тобанан цIарах Савва Михаила а, иштта Оьрсийчуьра а, Украинера а, Беларусера а, ГIиргIазойчуьра а, Казахстанера а, Германира а, Австрира а бакъонашларйарзоша а.
  • 2023-чу шеран охан-баттахь Нохчийчуьра мухӀажарша мацалла кхайкхийра, Хорватехь депортацин лагерехь латторан хан йахйар бахьана долуш. Цара дIахьедира лагеран белхахоша шайна ницкъ барх а, къизалла латторах а лаьцна. Цул тӀаьхьа масех бутт баьлча, Хорватерчу депортацин центре кхаьчначу Нохчийчура 15 мухӀажарх цхьаъ бен ца висира цигахь: дукхахболчара тховкIело йоьхуш дина дехарш йухаэцнера, цул тIаьхьа Босне а, Туркойчу а дӀахьийсийра уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG